Читать онлайн Ламазан догIа бесплатно
© Хьусайн Шовхалов, 2023
ISBN 978-5-0060-9478-9
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
ЛАМАЗАН ДОГIА
ДЕШХЬАЛХЕ
БиссмиллахIиррохьманиррохьийм. Хастам бу АллахIана Iаламаш кхиош-кхобуш волчу. АллахIера салават а, салам а хуьлда АллахIан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, берриге асхьабашна а. Цул тIаьхьа:
Лараме бусалба ваша, йиша! Уггар хьалха Дала вайна т1едиллина декхар – иза Ша цхьаъ вар, Шеца кхин дела воцуш, Мухьаммад Делан лай а, Элча а хиларх тешар ду. Иза коьрта бух бу стеган бусалбаллин. Цул тIаьхьа Iамал ян еза бусалбачу стага. Ткъа бусалбачу стага уггар хьалха ян еза Iамал – ламаз ду. Ислам динан баххьех шолгIа бух бу иза. Iумар бин ХаттIабан кIант IабдуллахIа {Дела реза хуьлда цушинна аьлла}: «Суна хезира АллахIан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} олуш: «Ислам пхеа (бух) тIе доьгIна: «ШахIадат – АллахI воцург кхин дела вац, Мухьаммад Аллах1ан Элча ву. Ламаз дIахоттадар. Закат далар. Хьаж дар. Рамаданан марха (кхабар)» [1].
Цундела, ламаз Ислам динан шолгIа коьрта бух бу. Жимчохь дуьйна Ламаз чIогIа лардан дезаш ду бусалбачу стага. Амма ламаз дале хьалха дуккха а хIуманаш ду ламазна кечам беш кхочушдан дезаш. Ламаз дийриг уьш девзаш вацахь, гIалаташ хир ду, тIаккха цуьнан ламаз нийса хир дац. Цундела и уьш довзар чIогIа коьрте ду бусалбачу стагана.
Х1ора хIуманан шен хьалхе а хуьлу, чаккхе а хуьлу. ХIора хIуманан шен догIа а ду. Ткъа «ламазан догIа» хIун догIа ду хаьий хьуна, лараме ваша, йиша? Иза Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} билгалдина вайна. Делан Элчо {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} аьлла: «Ламазан до'гIа – цIеналла ю, цуьнан дIадехкар – такбир ду, цуьнан чекхдалар – салам далар ду» [2].
Ламаз дале ламазан цIанвелла хила веза бусалба стаг. Ламазна ян еза цIеналла йина хила веза. ЦIеналла ламазан догIа хиларе терра, цу цIеналлин Iилма а довза деза бусалбачу стагана. Шеца цIеналла а йоцуш ламаз дан магийна дац цхьанна а. ЦIеналлина юкъадогIу ламаз дийриг ламаз эцна хилар, лийча тIехь делахь лийчина хилар, нажасах цIена хилар, иштта кхидерг а. Цундела Веза Сийлахьчу Дала ламаз дале хьалха ламаз эца аьлла бусалбачу нахе. Сийлахь Везачу Дала боху Къуръан чохь: {ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна дIахIуьттуш, шайн яххьаш йила, куьйгаш а дила голашка кхаччалц, шайн коьртах (хица тIадийна шина куьйган пIелгаш) хьакха, когаш била хьорканашка кхаччалц}.
Кху аятехь Веза Сийлахьчу Дала билгалдо бусалба стаг ламазна дIахIоттале ламаз эцна хила везаш хилар, ламаз муха эца деза а. Ткъа Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} ламаз оьцуш лело деза хIуманаш а билгалдина кху аятехь хьахийна доцу.
Лараме сан ваша, йиша! Ламаз эца а, дегIах хи кхарза а хи оьший? Муьлха хи мега, муьлханиг ца мега хаа оьший? Хи схьаэца а, чу дотта а пхегIа оьший? Муьлха пхегIа лело мега ламаз оьцуш хаа оьший? Ламаз эцале хьалха цIано муха ян еза хаа дезий? Ламаз дан лууг нажасах цIена хила везий, ткъа нажас хIун ю хаа ца деза? Бага цIанъян езий, и стенца цIанйо хаа дезий? ТIаккха сивак хIун ю хаа дезий? Адамана шен дегIа тIера чо баккха, мIара яккха, кхийолу меженаш а цIена хуьлуьйту хIуманаш хаа дезий? Ламаз муха эца деза, цуьнан фарзаш, суннаташ хаа дезий? Ламаз карара долу а, ца долу а бахьанаш хаа дезий? Муьлхачу хIуман ламаз карахь хила деза, муьлхачу хIуман ламаз карахь хила ца деза хаа дези? Зудчунна ша ламазна юкъараяьлча шена хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий? Ша ламазна юкъараяларца доьзна дерг хаа дезий цунна? Зудчо доьзал вича шена хьолехь хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий цунна? Фарз лийчарш, суннат лийчарш довза дезий? Лийчаран фарз а, суннат а хаа дезий? Хи ца хилча, тема дарх лаьцна довза дезий? Маьхьсешна тIе масхьу муха дан деза хаа дезий? Кхин а дуккха а хIуманаш хаа деза цунна.
Ахь эр ду: «Дера деза иза дерриг довза». Иза бакъ ду. Иза а, кхин дуккаха а х1ума девзар ду хьуна кху жайни т1ехь Дала мукъ лахь. Х1орш дерриш ц1еналлина юкъадог1ш ду. Цундела ду иза «ламазан дог1а», х1унда аьлча, ламаз дан лууш верг ша хила веззачу ц1еналлехь вацахь, цуьнан ламаз нийса ма ца хуьлу. Цундела ду х1ара 1илма бусалба вешина а, йишина а ч1ог1а коьрте.
Амма ц1еналлин 1илма девзаш воцучуьнгара дуккха г1алаташ хуьлу, ламазан эшам хир болуш я ламаз хира а доцуш, нагахь санна цо иза нийсачу ц1еналлица дина дацахь. Цундела ду х1ара ц1еналлийн дакъа вайна ч1ог1а коьрте.
Ц1еналлин хьокъехь дуккха а г1алаташ дуьйлу адамера. Иза царна х1ара 1илма ца довзара ду. Шайн лаамца ца дуьйлуьйту цара и г1алаташ, шайна ца хаарна дуьйлу, делахь а шайна оьшург 1амадар т1ера ца долу царна. Я хуучуьнга хаьттина а, я хьехаме ладоьг1на а, я жайна дешна а 1амадар т1ехь ду царна. Цундела, уггаре хьалха х1ара жайна яздар бахьан, вайга вешан ламазца дерг нийса хилийтархьам яздина. Вайгара лега г1алаташ аш д1адахархьам. Лекха-Сийлахь волу Дела вайна реза хилийтархьам. Х1ара жайна яздар бахьна, сайна гара нахаца дукха г1алаташ церан ламаз эцарца, ламаз дарца, царна дуккху х1ума ца хаарца царна хаадезачух.
Цундела, лараме ваша, йиша! Лерина дешалахь х1ара жайна, кхета г1ерташ, х1окхо дуьйцург хьайца хилийта г1ерташ. Амма хьо ца кхеттарг, я хьан кхолделла хаттар хьоьга хаттийта, кху жайни т1ехь соьгара даьлла г1алат суна довзийта хьуна сайн номер а юьту аса жайнан чаккхенгахь. Дела реза хийла массарна!
Вайн махкахь даьржина 1илман мазх1аба Имам Шафи1ий мазх1аб ду. Иза суннат мазх1аб ду. Цуьнца 1амал яр т1ехь ду вайн къам б1ешерашкахь. Цундела, х1ара жайна Имам Шафи1ий 1илманца, цуьнан мазх1абица яз дина ду.
Ц1аналлах лаьцна дериге х1ума чу лоцуш яз дина дац аса х1ара жайна, т1аккха дукха доккха хира дара х1ара. Делахьаъ, х1ара жайна язъдеш сан коьрта 1алашо яра вайнех стагна а, зудчунна а ц1аналлах лаьцна уггаре коьрта х1ума довзийтар, т1къа иза кху жайнахь кхачам болуш хьахийна ду, бусалба стагна дукхахьолехь кхунаха кхачам хира болуш.
Х1ара жайна Имам Шафи1ий {Дала къинхетам бойла цунах} мазх1абехь шена ламаз 1ама да а, кхечунна хьеха а мегаш яз дина ду.
Шовхал Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.2 Сафар 1445 х1ижри.24.08.2023. {08:27}
[1] – (Бухарий, Муслим). [2] – (Тирмизий 238. Ибн Мажах1 276).
[3] -Ламазна кечлуш. [4] -Сурат «Аль-маидат», аят: 5.
ХЬАЛХАРА ДАКЪА
- МУХЬАММАД-ПАЙХАМАРАН ВАХАРАН ТЕРАХЬЕХ ДОЦЦА:
Мухьаммад вина Маккахь Оршот1 дийнахь, 22-чу апрелехь, 571-чу шарахь, иза нисло раби1ул-аввал бетта, 12-чу дийнахь. Цуьнан нана Аминат хилла, да 1абдуллах1 хилла. 1абдуллах1а шен 18 шо долуш Аминат ялийна. Ялийна ши бут хан яьлча 1абдуллах1, Шема мехалла2 вахана ц1а вог1уш Мединехь кхелхина, цигахь д1авоьллина, Мухьаммад дуьненчу валале.
Пайхамаран нана цуьнан барх1 шо кхаьчча д1акхелхина, иза а Мединатана герга Абва́ъ ц1е йолча юьртахь д1айоьллина ю.
Пайхамар винчу буса яккхий билгаллонаш хилла. Царех ю цу буьйсанна Макка т1ехь кхетта хилла дуккха а седарчий. Оцу билгаллонех ду цу буьйсана жуьгтийн 1еламстага аьлларг: «Тховса жуьгтийн сийлалла Х1а́шиман некъех даьллачу берана д1аели, иза т1аьххьара пайхамар ву.»
Шен заманахь Мухьаммад нахалахь уггаре г1иллакхе а, вочух ч1ог1а ларлуш а, оьздангаллех вуьззина а, лулахошца а, гергарчаьрца а к1еда-мерза а, харц дош ца олуш а, тешаме а хилла.
«Амийн» аьлла ц1е яхана а хилла цуьнан нахалахь, т1къа иза «тешаме» бохург ду, 1аьрбийн маттара вайн матте даьккхича. Цуьнан 40 шо кхаьчча, дуьххьара Аллаха1ан хаам беана цуьнга. Т1аккха 23 шарахь Аллах1а Джабраил-малик шега доссийна Къуръан д1аязъдайтина.
53 шо кхаьчча, 622-чу шарахь, июнь бетта 28-чу дийнахь, вайн терахьца раби1ул-аввал бетта 1-г1а де, иза еарин де а хилла, Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Маккара хижрат дина. Цо хижрат динчу ханна т1ера ду бусулба нехан терахь.
Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхина оршот дийнахь раби1ул-аввал бетта 13-г1а де долуш, 11-чу шарахь, (633-чу шеран 8-г1а июнь). Дуьненчохь цо яьккхина хан бетта шерашца3 63 шой 3 дей ду, малха шерашца4 61 шой 84 дей ду.
АЛЛАХ1 ЦХЬАЪ ВАРАН ДОШ
«Ашх1аду ал-ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у ла́ шарийка лах1у, лах1ул-мулку ва лах1ул-хьамду, юхьйи́ ва юмийту, ва х1ува хьайюн ла́ яму́ту, биядих1ил хойру ва х1ува 1ала́ кулли шай-ин къодийр»
Маь1на: Шеца накъост воцуш, Ша цхьаъ бен воцуш, Аллах1 ц1е йолу цхьаъ бен дела ца хиларна оьшалла до ас. Х1ума дуьйш-дендеш, беригге хастам а, паччахьалла а Цуьнгахь ду. Иза ц1къа а лийра воцуш дийна а ву. Деригге дика Цуьнан карахь ду, массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву Иза.
ИЙМАН Ц1АНДО ДОШ
«Алло́х1умма инни́ а1у́зу бика мин-ан-ушрика бика шайъан ва ана а1ламу, ва астаг1фирука лима́ ла́ а1ламу, иннака 1алла́мул г1ую́б»
Маь1на: Я Аллах1, Хьоьца ларло со, сайна хууш ас Хьоьца накъост варах. Сайна ца хууш долчунна а Хьоьга гечдар доьху ас. Боккъал а Хьо ву-кх Аллах1, къайленаш хууш.
КЪИНОШНА ГЕЧДАР ДЕХАР
Гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гучахь-къайлахь, хууш-ца хууш ас мел динчу къинна. Сайна хууш-ца хууш ас динчу къинна дохко ваьлла со. Сайгара мел яьллачу ледарлонна дохковаьлла со, кхин юха ца дан т1елаьцна, гечдар доьху ас Везачу Аллах1е. Боккъал а Хьо ву-кх, Аллах1, къайленаш хууш.
ТЕШАРАН ДОШ
Со теша: Аллах1ах, Цуьнан маликех, Цо диссийначу жайнех, элчанех, къематдийнах, кхелах, вон а, дика а кхел лекха волчу Аллах1ан хиларх, кхелхинчул т1аьхьа г1овторриг хиларах а.
АЛЛАХ1АНА Г1УЛЛАКХ ДАРАН ПАЙДА
Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.
И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:
«Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»
Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.
шоллаГ1А ДАКЪА: ХИШ
Шарий1атехь хи деъ кепара хуьлу:
– Т1ох1у́р
– Т1о́х1ир
– Нажисун
– Муста1мал
1-Т1ОХ1У́Р
Т1ох1у́р хи, – иза Дала ша ма кхоллара долу хи ду цуьнан муьлха бос а, чам а балахь, муьлха хьожа а ялахь. Иза ша ц1ена ду, кхийолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. И хи бен 1ибадатехь5 лело магийна дац шарий1атехь, х1унда аьлча и хи ша ц1ена ду, кхи йолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. Цундела иза кхечу хих къасто хаа деза бусалба стагна.
Масала: Дог1ан хи, х1ордан хи, татолан хи, г1у чуьра хи, шовдан хи, луонах я шанах даьккхина хи, – церан муьлха хьожа я чам я бос хилахь а. Иштта Дала кхоьллина долу муьлха хи 1ибадатан ц1ена ду, иза Дала ша ма кхоллара далахь.
Амма т1ох1у́р хи йовхо лаьттачу бовхачу махкахь, эчигах я ц1естах6 йолу пхьег1а чохь малхехь дохделла долуш леладар дика дац, х1унда аьлча, цунах ч1оьран лазар долун дера. Амма шел делча лело мегар ду иза.
2-Т1О́Х1ИР
Т1ох1у́р хи, – иза Дала ша кхоьллинчу куьцера ц1еначу х1уманца хийцаделларг ду. Ц1ена хи ду иза, делахь а шех кхеттачу ц1еначу х1умано хийцина ду. Дала кхоьллина ц1ена хи шен куьцера д1адалар хуьлу, цунах кхеттачу ц1ена х1ума бахьна Дала ша кхоьллинчу басах я чомах я хьожах цхьаъ хийцадаларца. И хийцадалар шина кепара хуьлу цуьнан:
1—1аламан бахьанца7 хийцадалар.
2-Цхьам хийцар.
1—1аламан бахьанца хийцаделла хи:
Адамо я кхийолу чохь са долчу х1умано хийцина а доцуш, 1аламан бахьанца ша хийца делла хи ц1ена ду, т1ох1у́р ду иза, 1ибадатехь лело мегар ду.
Масала:
– Дукха лаьттина шен хьожа хийцаелла я чам хийцабелла я бос хийцабелла хи, – и хи т1ох́ур ду. И бохург, кху тайпа хи 1ибадатехь лело мегаш ду.
2-Шех муьлха латта эдаларца хийцаделла хи ц1ена ду. Латта хи чу ша доьжна далахь я цхьам кхоьссина далахь а башхалла яц, т1ох1у́р хи ду иза.
3-Шена чу г1аш легна, я хица хуьлучу буц я т1улг бахьана долуш хийцаделла хи т1ох1у́р ду.
4-Хи охь дог1уш цхьан метте кхаьчна, цу меттигаца хийцаделлехь, и хи ц1ена ду. Масала: Охь дог1у хи кибрит латтах хьакхаделла, кибрит хьожа йолуш далахь, и хи т1ох1у́р ду.
Я охь дог1у хи латтанах хьакхаделла хийцалахь, цу хино цу латтин бос схьаэцахь а и хи т1ох1у́р ду.
Иштта муьлха хи т1ох1у́р ду иза Дала ша ма кхоллар далахь хийцаделла а доцуш, я 1аламан бахьнаца хийцаделла далахь а.
1аламан бахьнаца хийцаделла х1ара хиш ламаз эца а, фарз я суннат лийча а, ц1ано я а, бедар йитта а, меттиг ц1ан я а, нажас д1аяккха а, муьлха 1ибадатехь а, муьлхачу х1умангахь а лело мегаш ду, х1унда аьлча, иза т1ох1у́р хи ду.
Амма 1аламан бахьнаца хийцаделла хи яах1умангахь леладар я и малар цунах могшална зе хиларх я ца хиларх доьзна ду. Зе хуьлуш далахь мегар дац, зе хуьлуш дацахь мегар ду.
2-Цхьам хийцина хи:
Т1ох1у́р ц1ена хи 1аламан бахьнаца хийцаделла доцуш, адам я кхи йолу са долу х1ума бахьан долуш хийцаделлехь, цунаха хи ала йиш йоцуш кхи цхьа х1ума хиллехь, т1аккха цу хинаха хи ца олу, цунах хилчу х1умане хьаьжина ц1е йоккху цунах. Иза 1ибадатехь лело мегар дац.
Масала: Чай, сок, чорп, жижган чорп, коктель, пепси-кола, лимонад, стоьми сок, квас, иштта хинах йина муьлха коча х1ума, ша яа я мала а ц1ена елахь а, 1ибадатехь лело мегар яц уьш, х1унда аьлча, адамо ша Дала кхоьллинчу шен суьртера хийцина уьш, 1аламан бахьанца хийцаелла а йоцуш.
Амма ц1ена долчу хи т1е ц1ена х1ума тоьхна цхьа жиммал бен хи хийца цаделлех, шех «хи» олучур д1ацадоккхуш кхи ц1е цунаха яккхал хийцина доцуш, т1аккха и хи ша ма хилар ц1ена хуьлу, 1ибадатехь лело мегаш ду, ц1енчу х1уманца жиммал иза хийцаделла далахь а. Иза 1ибадатехь лело мегар ду. Амма дукха хийцаделлехь, т1аккха т1ох1у́р ца хуьлу иза, т1о́х1ир хуьлу, т1аккха иза 1ибадатехь лело мегар дац.
– Т1ох1у́ра хих кхи йолу шен чам, бос, хьож яйна йолу х1ума иэелча, цо т1ох1у́р хийцина гуш дацахь а, (х1унда аьлча цунах иеллачу х1уми бос, чам, хьож боцун дела) хьожура ву, нагахь санна хица иеллачу х1уми чам я хьож я бос балхьари цо хи хийцина хира далхьара, цунах деккъа хи ала йиш йоцуш, т1аккха и хи хийцаделла лору, 1ибадатехь лело мегар доцуш.
Амма хих кхеттачу ц1ена х1умано хи цхьа къезиг бен хийцина хир дацахь, т1аккха и хи 1ибадатан лело ц1ена ду.
3-МУСТА1МАЛ8
Фарз-ламаз оьцуш я фарз-лийчаран луьйчуш я нажас д1айоккхуш лелийна т1ох1у́р хи керла фарз-ламаз эца я фарз-лийчаран лийча я нажас д1аяккха мегар дац, х1унда аьлча т1ох1у́р долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах, х1унда аьлча иза фарз 1амалехь лелийна дера. Боьха дац иза, делахь а шеца ламаз эцале я фарз лийчале я нажас д1аяккхли ма хиллар ц1ена хи дац иза, х1унда аьлча фарзан ц1анонгахь лелийна дера, вуьшта а меже ц1ан еш цуьнан къинош д1аэцна цо шеца. Цундела, т1о́х1ур долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах.
Амма ламаз оьцуш шозлаг1а я кхозлаг1а меже юьлуш лелина хи, я суннат лийчаран лелина хи – цуьнца фарз-ламаз эца а, фарз-лийчар т1ера даккха а мегаш ду, х1унда аьлча, фарзан меже ца йилина цу хица суннатан меже йилина, цундела фарзан меже юьлуш9 лелийна хи суннат я фарз долу х1умангахь лело мегаш дац, амма суннат долу х1умангахь10 лелийна хи – фарз меже я суннат-меже юьлуш лело мега.
– Амма Ламаз оьцуш я луьйчуш волчо хи куьйгаца пхьег1ан чуьра схьаоьцуш далахь, хи схьаэца дагахь волуш пхьег1а чу куьг 1оттахь хи ц1ена ду. Амма хи чу куьг 1уттуш хи схьаэцар дагахь доцуш куьг дилар дагахь хиллехь, т1аккха хи леладина хуьлу, кхин фарз-меже йила мегаш ца хуьлу цу хица, амма суннат меже. Цу т1ехь тидаме хила веза пхьег1а чуьра хица ламаз оьцуш я луьйчуш верг. Х1ара ду нагахь санна куьг чу 1утту хи 200 литр дацахь. Амма 200 литр далахь, куьг дила ниятац цу 200 литр йолчу хи чу 1оьттича х1умма дац.
Фарз меже юьлуш лелийначу хица нажас д1аяккха мегаш дац.
4-НАЖАС ХИ
Нажас хи – иза шена чу йоьжначу нажасо11 хин бос я чам я хьожа хийцина хи ду, иза дукха далахь я къезиг далахь башхалла яц. Иштта башхалла яц, цу нажасац хин бос а, чам а, хьожа а хийцаелча я царех12 цхьаъ я шиъ я кхоий хийцаелча а. Хин басах, чомах, хьожах муьлха цхьаъ нажасац хийцалахь и хи нажас хи ду, иза к1езиг далахь а я дукха далахь а. Нажас хи цхьанни х1умангахь лело мегар дац.
Амма ц1ена хи чу нажас йоьжнехь, делахь а цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, ишттачу хин ши хьал ду:
1-Хи ши б1е (200) литр дацахь цунна чу нажас йоьжнехь и хи нажас ду, нажасо цу хин бос я чам я хьожа хийца ца хийцнехь а, х1унда аьлча ши б1е (200) литр доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.
Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.
2-Амма хи 200 литр я кхиъ сов далахь цу чу нажас йоьжнехь, цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, и хи ц1ена ду, 1ибадатехь лело мегар ду, х1унда аьлча дукха хи ду иза, нажасан дуьхьало йина, цунна т1ехь тоь́лу иза.
– Нажасац бех делла хи ц1ан делла хуьлу, нагахь санна:
1-хица йолу нажас ша д1аялахь т1аьхьа х1ума ца юьсуш, нажасан чам а хьожа а бос а ца буьсуш хица.
2-я хин т1е дуккху хи доьттина хи ши б1е (200) литр бараме кхачахь, нажаси бос а чам а хьожа а ца юьсуш, т1аккха хи т1ох1ур хуьлу, нажас хи чохь гуш ялахь а.
Амма нажасац хийцаделлачу хина т1е латта я миска я уксус я кхи йолу муьлха х1ума тоьхча13 нажас къайла ялахь а хи ц1ан делла ца хуьлу, х1унда аьлча, цу х1умнаша нажас д1ацайоккху амма къайла йоккху, т1къа цара нажас къайлаяьккхича хи ц1анделла ца хуьлу.
– Шина пхьег1а чохь ц1ена хи ду. Цершиннах цхьана пхег1ачу нажас йоьжна хи бехделла, амма муьлха пхег1а чу йоьжна ца хаа, бехделларг х1у хи ду ца хаа я ц1ен дерг х1у хи ду ца хаа. Х1ун дийра ду? Б1аьрса са долуш валахь цо хи цуьнан 1аламаташца толлура ду ц1ена дерг боьхачух схьакъасторхьам, т1аккха цу шина хих шена ц1ена хеттарг лелор ду ламаз оьцуш я луьйчуш.
Амма ши хи тиллича ц1ена хила мегарг къаста цалахь, шийи хи д1а1анора ду, т1аккха кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду14, цу темаца дина ламаз юха хица ламаз эцна доькхуш т1е дан ца деза.
Амма шина пхьег1а чохь долу боьхий ц1ений хи иэделларг б1аьрзе валахь, цо хи толлура ду цу шиннах ц1ена дерги боьха дерги къасторхьам. Цуьнга ц1ена хи боьхачух къасталахь, шена ц1ена ду аьлла билгалла даьлларг лелор ду. Амма цунна цершиннах ц1ена дерг билгалла ца далахь, цо и шиъ д1адуттура дац, б1аьрса са долчо бохург дийра ду цо.
– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь зезагах даьккхина хи ду, цершиннах ц1еннарг муьлхнаг ду, зезаган хи муьлхнаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Цершиннах ц1ена дерг муьлхнаг ду хьажархьам и талла ца толлуш, шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь, тема дийра ду.
– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь хьат1 ду, цершиннах ц1еннаг муьлханаг ду, хьат1 муьлханаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду.
КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: НАЖАС хiуманаш
Шарий1атехь нажас лору х1уманаш дукха ю. Нажасах бусалба стаг ларвала везаш ву, цунах ц1анвала везаш ву. Къаьстина 1ибадат деш бусалба стега дег1а т1ехь я бедар т1ехь я 1ибадат до меттехь нажас хила йиш яц. Нажас т1ехь йолуш дина 1ибадат нийса лоруш дац шарий1атехь. Цундела, шарий1атехь нажас лору х1ума йовзар т1ехь ду х1ора кхииначу бусалба стагна а, зудчунна а.
ШАРИЙ1АТО ШЕХ ЛАРВАЛА Т1ЕДИЛЛИНА НАЖАСАШ:
1-АДАМИ ХЬАТ1, БОЬХАЛ
Адами хьат1 а, боьхал а нажас ю. Амма адами15 хи16 нажас дац, ц1ена ду, х1унда аьлча Дала сийлахь кхоьллинчу адамин бух болун дера иза. Амма и хи хьатт1ац иэделла далахь иза нажас ду.
Амма дийнати хи17 ц1ена ду. Ж1алинагий, хьакхинагий, цершиннах18 я цершин цхьаннах19 схьаяьллачуьн хи доцург, иза нажас ду.
Зудчун хьалхарчу бехке меттера йолу т1уналлах20 нажас ерг ю, йоцург а ю. Зуда нишкахь когаш т1е оьха хиича цуьнан хьалхарчу бехке меттера гучу йолу т1уьналла нажас яц. Амма стега бехке меттиг зудчун бехке метте чу кхочучу21 барамер ара йолу т1унал а нажас яц. Амма цулла дехьа йолчу меттера йолу т1уналла нажас ю.
Амма т1ехьарчу бехке меттера ара йолу т1уналла нажас ю.
2-ДИЙНАТИ22 ХЬАТ1 А, БОЬХАЛ А
Яа хьанал йолу а хьанал йоцу а муьлха дийнати хьат1 а, боьхал а нажас ю.
3-ХЬАЛА1АЬТТИНАРГ
Адамо хьера23 чуьра хьала1аьттинарг нажас ю, хьала1аьттинарг кхоллуш ма хиллар ялахь а я хийцаелла ялахь а. Амма некхара24 я легашкара хьала1аьттинаг нажас яц, х1унда аьлча хьера чу кхечна йоцун дера иза.
Муьлха дийнато хьала1аьттинарг а нажас ю.
4-МАЗЬЮ
Мазью – иза к1айчу басахь йолуш, чекх са гуш юькъа йоцуш т1унал25 ю, шах1ват26 меттах даьлча бехке меттера йолуш ю иза. Иза нажас ю. Стагна а, зудчунна йолуш хуьлу иза. Иза т1екхетта меттиг цунах ц1ан ян еза. Мазью стагна а, зудчунна а йолуш хуьлу.
5-ВАДЬЮ
Вадью – иза к1ай йолуш, юькъа т1унала27 ю, хьат1 телча йолуш хуьлу иза, могуш ца хилча йолу иза. Еза х1ума аййича а йолуш хуьлу иза. Стагна а, зудчунна а хуьлу иза. Иза нажас ю, д1аяккха езаш.
6-ОХЬ ДОЬДУ Ц1ИЙ
Охь доьду ц1ий нажас ду, адами ц1ий далахь а я дийнати ц1ий далахь а. Амма адами дег1а т1ехь чов хилла я сурх 1оьвдина ц1ий даьллехь, делахь а иза охь доьдуш доцуш гучу даьлла лаьтташ далахь, иза дита мегаш ду, Дала геч дина цунна, амма иза охь доьдуш далахь дита мегар дац, д1адаккха деза.
Амма кхечу адами ц1ий стагна т1екхетахь, иза къезиг далахь цунна геч дина, амма иза дукха далахь, т1аккха д1адаккха деза иза. Амма цо кхечун ц1и ша шена т1е тохахь, т1аккха цунна геч ца до иза к1езиг далахь а.
Амма ж1алий, хьакхий ц1и т1екхетахь иза дита мегар дац, иза мел къезиг далахь а, д1адаккха деза иза.
Амма урс хьаькхинчу дийнати до1ахки, 1онжари28 ц1ена ду, даа мегаш ду и шиъ ц1их кхолладелла далахь а.
Урс хьаькхан йиначу дийнати даь1ахкан а, жижиган а т1ехь долу ц1ий нажас дац.
7-НОТ1
Нот1 нажас ю.
8- ЧОЙНА Т1ЕРА ХИ, АХКАРГАН ХИ
Чойн т1ехь гуллуш долу хи а, ч1ор дагича я лазадича цунна бухахь гулло хи, я ахкарган бухах гулло хи ц1ена ду нагахь санна цуьнан хьожа яцахь. Амма цуьнан хожа ялахь, нажас хи ду иза.
9-КЪЕ ЕЛЛАРГ
Къе елларг, – иза шарий1ато т1е ма диллар урс хьаькхина ца йинарг ю.
Къе елларг ериге нажас ю. Цуьнан чо а, мас а, т1арг1а а, цуьнан кийрахь йолу шура, цуьнан массо х1ума а нажас ю.
– Амма делчу адами дег1 я цуьнан меже нажас яц, иза бусалба я кериста хиллехь а, стаг я зуда хиллехь а.
– Къе белла ч1ара, къе делла ц1оз а хьанал ду, нажас ца лору и шиъ. Цундела, белла ч1ара карабахь, я делла ц1оз карадахь, и шиъ яа хьанал ю. Амма ч1ара жима балахь цхьауз кхаллар бен боцуш, цуьнан кийрахь дерг даа мегар ду. Амма ч1ара боккха балахь цхьауз кхалларца бериг д1акхаллур боцуш, т1аккха цуьнан кийрара нажас д1аяяккха еза.
– Шен меже яьккхича шен охь 1енаш ц1ий доцург а нажас яц. Масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, къийзорг29, сегал30, стоьма юккъахь кхоллабелла н1ана, юучу х1уман юккъахь кхолбелла н1ана. Царех цхьаъ хичу йоьжна цу чохь елча хи бехцало.
Амма уьш хи чохь дукха ялахь, уьш елла ялахь, уьш бахьна долуш хи хийцаделлехь, т1аккха хи нажас ду. Хийца цаделлехь нажас дац.
Амма шен охь 1енаш ц1ий доцург елла йолуш хичу кхоьссича и хи нажас хуьлу, амма и хи 200 литр далахь, хи хийцаделла дацахь, т1аккха хи т1ох1у́р хуьлу.
10-ДИЙНА ЙОЛЧУ ДИЙНАТЕХ СХЬАЯЬЛЛАРГ
Дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла йолу муьлха меже нажас ю, х1унда аьлча иза къе елларг санна йолун дера. Пайхамаро, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнат дийна долуш цунах яьккхинарг къе елларг ю»31.
Вайна даа хьанал долу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла шура, мас, чо, т1арг1, пух, хьацар а, багар шат а ц1ена ю. Амма цуьнан ма1, м1ар, берг32 я кхиерг нажас ю. Амма иза делча цуьнан муьлха х1ума нажас ю.
Амма даа хьанал доцучу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла цуьнан шур, чо, мас, т1арг, ма1, берг, кхи йолу муьлха х1ума а нажас ю.
11- Ч1АГ1АР
Ч1аг1ар нажас ду, иза кемсех, тамрех, я кхечу х1уманех даьккхина далахь а.
Ч1аг1ар бохург ша мелча вахош йолу х1ума ю. Иштта аларан бахьана, молуш йоцуш амма вахош йолу х1уманаш хуьлун дера ду. Масала: анаша, таблетк, иштта кхин а. Уьш хьарам ю, делахь а, царех хьакхавелча бех цало, х1унда аьлча уьш нажас яц. Амма вахош йолу молуш йолу коча х1ума хьарам ю, нажас а ю, иза кхетта меттиг боьха лору.
12-Ж1АЛА, ХЬАКХА
И шиъ нажас ю. Цершиннах33 схьаяьлларг я цершинах цхьаннах34 схьаяьлларг нажас ю.
Ж1АЛЕХ ХЬАКХА ВАЛАР:
1-Ж1алин т1еда меттиг35 цхьаннех хьакхалахь, иза хьакхаелла меттиг боьха лору.
2-Ж1ала т1оьхулара т1еда далахь, цунах хьакхаелла меттиг боьха лору.
3-Ж1алин екъа меттиг т1еда меттигах хьакхалахь и меттиг боьха лору.
Кху кхаа хьолехь ж1алехь хьакаелла бех елла х1ума ворх1за йила еза, цхьауза латтаца юьлуш.
– Ж1алин екъа меттиг екъачу меттигахь хьакхалахь, и меттиг боьха ца лору.
Ж1алах хьакхавалар дериге а хьакхах хьакхавелча а ду.
НАЖАСАН МЕТТИГ Ц1АН ЯР
(1) -Ша шен дег1аца нажас йолу х1ума нажас йолучера д1ацайолу. Масала: ж1ал, хьакх, къе елларг, ц1ий, хьат1, боьхал, иштта кхи йолу нажас х1ума а. Нажас йолчера ц1анлуш ер кхоъ ю, ч1аг1ари, къе еллачун ц1оьки, къе еллачух кхоллаелла са долу х1ума. Уьш ц1анялар ишта хуьлу:
1-Ч1аг1ар ц1ена хуьлу иза ша ч1аг1ар долучера хийцаделла, цунах уксус хилахь, адамо хийцина доцуш. Иштта кхолладелла уксус ц1ена лору. Амма адамо хийцина хилахь, из ц1ена ца лору.
2-Яа хьанал йолу х1ума къе елча иза ериге нажас ю Делахь а, цуьнан ц1ока дабг1а дарца ц1анлуш ю.
3-Къе еллачу х1умах кхоллаелла са долу х1ума ц1ена ю. Масала: къе еллачу х1умах кхоллабелла н1ана. Иза ц1ена бу.
(2) -Ж1алин, хьакхин нажасах бехъелла х1ума ворх1уза ц1еначу хица йила еза, цхьауза латтаца юьлуш. Ворх1аза йилар д1адолало нажасан дег1 д1адаьккхинчул т1ехьа. Амма ж1алин я хьакхин нажас т1ехь гуш йолуш, цуьнан дег1 д1адаккхаза долуш нажасах меттиг йила мегар дац. Ворх1аза юьлуш латта хьалхара йиларца лелор дикох ду. Латта ц1ена хила деза, шеца йоцу кхи х1умма шех иэелла йоцуш.
(3) -Яах1ума яаза а, малаза а, векхаш бен воцу к1ента36 хьат1 кхетта меттиг йиттар т1ехь дац, цунна т1е хи доьттича кхачам бу, нагахь санна хьат1ан чам, хьожа, бос д1абалахь. Д1ацабалахь д1абаккха беза.
(4) -Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ента хьат1 кхетта меттиг нажасах ц1аняр хьахий вай. Амма кхи йолу муьлха нажаса цхьауза йилча тоьуш ду. Амма цхьауза йилча ц1анцалахь, ц1анаяллалца йила еза. Нажас д1айоккхуш х1ара бехкамаш ларбан беза:
– Юьлуш йолучу х1уман т1ера нажаси дег1, чам, бос, хьож д1аялийта еза.
– Йилча чам бисахь, боссий хьожий д1ааяьлла, и меттиг ц1аньелла яц.
– Йилча боссий, чаммий д1ааабаьлла хьожа д1айолуш яцахь, иза ц1ена лору.
– Йилча чаммий, хьожий д1ааяьлла бос д1аболуш бацахь, иза ц1ена лору.
– Йилча чам д1аабаьлла, хьожий-боссий цхьаний биснехь, иза ц1анъелла ца лору.
– Нажасац бехъелла х1ума юьттуш иза 1овдар т1ехь дац37, амма 1оьвдича дика ду.
– Нажас д1айоккхуш саба я цу кепара кхи х1ума лело мегаш ю, цулт1ех ц1еначу хих яьккхичхан.
– Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ент1а хьат1 доцуриг, кхи йолу нажас д1айоккхуш меттиг цхьауза хица йилича кхачам бу элар ас лакхахь. Делахь а, цхьауза йилча иза ц1анлахь а, шоллаг1а а, кхозлаг1а а йилар дика ду.
– Нажас юьлуш ният дар т1ехь дац.
– Нажас д1аяккха сихо яр дика ду.
ДАЛА ГЕЧ ДИНА НАЖАСАШ
Нажас д1аяккхар, цунах лар валар т1ехь ду массо хьолехь. Делахь а, шарий1ато геч дина д1аяккха хала йолчу я шех лар вала хала долчу цхьайолчу нажасах, адаман атталла яра хьам, царна т1ера хало д1аойуш. Шарий1ато геч дина нажасаш кхетта меттиг йила ца еза, я и нажас д1аяккха г1ерта ца веза, х1унда аьлча, Дала геч дина цунна. Шарий1ато геч дина нажасаш х1орш ю:
1-Б1аьрган38 гуш доцу хьатт1ан ц1инш. Уьш бедарна, дег1ан, меттиган т1е кхетнехь а. Амма б1аьрган гуш долуш хьатт1ан ц1инш кхетта меттиг йила еза. Иштта б1арго ца лоцу кхи йолу нажасаш а.
2-К1езиг ц1ий, нот1 дег1ац я бедарц хилча геч дина ду, нагахь санна стага ша шена т1е тоьхна дацахь иза.
3-Дийнат ялтан т1оьхула лелаш ялтан т1е кхеташ долу дийнати хьатан, кхон геч дина.
Дийнат узуш схьаяьллу шура чу дужу кхон а хьат1ан а геч дина нагахь санна шура чу доьжна кхо а хьат1 а дукха дацахь, шура хийцал39. Амма иза дукха хилла цо шура хийцнехь, т1аккха и шура нажас ю. Ца хийцнехь нажас яц.
Дийнати шин т1ехь йолу нажас шура чу йожарна а геч дина.
4-Ч1ери боьхал хи чохь йолу геч дина, нагахь санна цунах хи хийцаделла дацахь. Олахзарийн40 боьхалан геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера. Иза т1екхетта меттиг ц1ена лору, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.
5-Дийнатан урс хьокхучун т1екхеташ долчу ц1ийна геч дина, дийнатан урс хьаькхина вортан чуьра дог1уш хилда иза я жижигица хилда иза. Амма урс хьокхучун т1е кхетта ц1иш дукха хилахь, т1аккха царна геч ца до, д1адаха деза бедар т1ера.
6-Беро декхачу хена хьала1аьттинарг. Амма яах1ума яа дола делча 1аьттинарг д1аяккха еза, цунна геч ца дина.
Вижина волучуьн багара оьху шаттан геч дина, иза даима хуьлуш ялахь. Амма наггахь бен хуьлуш яцахь, бага ц1ан ян еза.
7-Некъаца хуьлу хот шеца нажас йолу, иза т1е кхетча цунах геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.
8-Меже яьккхича охь 1енаш ц1ий доцу са долу х1ума, ша коча х1уман чу йоьжча я цхьам цу чу кхоьссича, иза цу чохь елча цунах геч дина. Амма коча х1уман чу эгна елла йолу чохь са долу х1уманаш дукха хилла цара коча х1ума хийцнехь41, т1аккха и коча х1ума нажас лору.
9— Ши б1е (200) литр доцучу хинчу б1аьрго ца лоцу жима нажас йоьжнехь, цуьнца хи хийца ца деллехь и хи ц1ена ду.
– Ши б1е (200) литр доцу хинчу са долу х1ума42 йоьжьна еллехь, масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, зинтиг иштта царех тера кхиерг а, и хи т1ох1у́р хуьлу. Хи чохь цуьнан меже яьлла ц1ий далахь а хи т1ох1у́р хуьлу.
Амма хи ши б1е литр далахь а я дацахь а, цу чу легна са долу х1уманаш дукха ялахь, уьш яла елла цара хи хийцинехь, т1аккха и хи лело мегар дац, нажас хуьлу иза.
Х1ара дериге ду нагахь санна са долу х1уманаш хи чу легаш дийна хиллехь. Амма стага елла са долу х1ума хи чу кхоьссича хи нажас хуьлу, хи ши б1е (200) литр далахь а я дацахь а. 200 литр далахь, цу чу кхоьссина елла х1умано иза хийца ца хийцнехь иза ц1ена ду.
КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: ПХЬЕГ1АШ
Муьлха ц1енчу х1умах йина пхьег1а ц1ена ю, ц1аналлехь43 лело мегар ю, и пхьег1а т1улгах я дечигах я ц1оках я джовхарах я кхечу муьлхачу ц1еначу х1уманах йина елахь а. Цунах юккъера доккху деший, детий. Деши, дети нажас дац, ц1ена ду и шиъ, адамо шен г1уллакхашкахь лело мегаш ду. Амма дешех, детехь пхьег1а ян магийна дац, хьарам ду иза. Дешин, детин пхьег1аца яах1ума яа а, мала а магийна дац. Цершинца хи лелош ламаз эцар, лийчар хьарам ду. Иза дериге стагна а, зудчунна а цхьабоьсса хьарам ду. Дешех я детех йина я и шиъ т1етоьхна44 цхьа а х1ума лело мегаш яц, масала: х1ума тоьгу маха, церган юкъа 1утту х1ума, кхи йолу муьлха х1ума а.
Иштта дешин, детин пхьег1а цхьанни х1умангахь лелош яцахь а, чохь д1ах1оттина латто а хьарам ду. И пхьег1а шегахь лелор магийна дац шарий1атехь.
Иштта хьарам ю дешех, детех йина яцахь а, и шиъ т1оьхула т1етоьхна45 йолу пхьег1а. Нагахь санна шен т1е деши я дети тоьхна пхьег1а ц1ар т1е лаьцча цунахь цхьа жиммал а деши схьадалахь я дети схьадалахь, и пхег1а хьарам ю. Амма шена т1е деши я дети тоьхна пхег1а ц1ар т1е лаьцча цунах цхьа жиммал а деши я дети схьацадалахь, и пхег1а лело мегаш ю.
– Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.
Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.
Кериста неха пхьег1ашна а бедаршна а т1ехь нажас юй я яций ца хаахь, уьш лелаярха лар велча дика ду, х1унда аьлча уьш нажасах ларлуш боцун дера, делахьа йилина а, йиттина а йоцуш лело мегар ду уьш, ца лелийча мелехь ду. Амма царна т1ехь билгалла нажас яций хаахь, т1аккха лело мегар ду йилин а йиттин а яцахь а. Амма царна т1ехь билгалла нажас ялахь, нажасах ц1ан йиний бен лело мегар дац уьш. Иштта ю нажасах лар цалуш волу бусалба стега пхьег1аш а, бедарш а ю, цаьрца46 лелон дезарг кериста неха пхег1ашца а бедаршца а лакхахь лело дезаш билгалла даьккхинарг ду.
– Дезачу т1улгех47 йина пхьег1аш ламаз-оьцуш, луьйчуш, чохь д1ах1иттош, яах1ума юуш а молуш а, кхечу муьлхачу белхашкахь лело магийна ду.
– Нажасах йиначу пхьег1а чохь 200 литр барамел доцу хи лело мегар дац, х1унда аьлча 200 литр доцу хи нажас-пхьег1а чу доьттича и хи нажас хуьлун дера. Амма нажасах йиначу пхьег1ачохь схьаоьцу хи 200 литр я кхиъ сов далахь, т1аккха и хи ц1ена ду нагахь санна хин чохь нажаси бос я чам я хьожа гучу ца яьллехь.
Нажасах йиначу пхьег1а чохь ц1ена йолу екъа х1ума лело мега, т1еда х1ума лело ца мега, нагахь санна и т1еда х1ума 200 литр яцахь. 200 литр яцахь, иза нажас лорур ю.
ДИОЛАГ1А ДАКЪА: СИВАК
Цергашна сивак хьакхар суннат ду. Сивак лелор бохург: дечигац я кхечу х1уманца48 цергаш ц1ан яр, царна гуона́р мот а, доьла а ц1андар, вуо хьожа д1аяккхар ду.
Алла́х1ан Элчо, Алла́х1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: <<Аса умматан хало йийра яцахьара, аса церга омра дийра дара х1ора ламазан сивак хьакхарца>>.
Кху хьадийсо гойту Пайхамарна Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, шен уммато сивак лело мел ч1ог1а лууш хилла. Делахь а, шен умматах къинхетам а бина, царна иза суннат49 йина йитина цо, фарз ца еш, царна хало ца ярхьам. Делахь а, иза фарз ца ярх иза лелор т1ехь мало еш хила бохург дац иза, мелла иза лелор т1ехь ч1ог1а хила бохург ду.
Иштта Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла:
<<Сивако бага ц1ан йо, Алла́х1 реза во>>.
Цундела, сивак лелочунна Алла́х1 реза хуьлу.
Сивакац даима цергаш ц1ан яр дика ду. Массо хьелашкахь суннат ю иза марха кхобуш воцучун. Марха50 кхобуш волучун делкъа хан хиллалц лелор дика ду, делкъан т1ехь марх дасталца ца лелор дика ду. Сивак гуттар ч1ог1а хьакхар деза лоруш къаьстина хьелаш ду, уьш:
1-Муьлха ламаза далле хьалха хьакхар, фарз-ламазна а суннат-ламазна а.
2-Ламаз эца волавалле. Ламаз оьцуш сивак хьокху меттиг куьйгаш дилича, бага-мерчу хи кхарзале ю.
3-Цергаш маж елчера ц1анярхьам, церан хаза бос хилийтархьам. Я цергашна юккъахь йисина яах1ум д1аяккхархьам.
4-Къуръан я 1илман дарс51 я хьадис52 доьшуш.
5-Набарх сама ваьлча дийнахь хилда иза я буьйсана.
6-Шен х1усаме чу воьдуш. Микъда́д ибн Шурайхьо дийцина шен дас 1аишате53 (Дела реза хилда цунна) хаьттинера:
<<Пайхамар Делера салават а, салам а хуьлда цунна хьалхара х1ун дора ша шен х1усаме чу веъча? 1а́ишато Дела реза хилда цунна элира: «Сивакац»>>54.
7-Багара вуо хьожа йоуьйту х1ума йиича, масала: сармсекх, хох, сигаьрк, иштта царех тера муьлха х1ума.
8-Яах1ума яаза хан яьлла багара хьожа еъча.
9-Багара вуо хьожа еъча.
СИВАК ХЬАКХАРАН Г1ИЛЛАКХАШ
1-Сивак дукха к1еда ца хилар церг1аш ц1ан ца еш я дукха ч1ог1а ца хилар доьлан чов еш, к1адалини-ч1аг1алини юккъахь хилар.
2-Сивак муьлха ч1ог1ачу ц1еначу х1уманах я мегаш ду, цергин можа бос д1абоккхуш йолучух. Суннат ду сивак муьлха дечигах хилар, дечигах «1уд» олуш ерг лелор кхиъ ч1ог1а суннат ду, цуьнан хаза хьожа хилар кхиъ ч1ог1а суннат ду. 1удах йолу сивакех уггаре вуолехь ерг, хица т1адаярца къад йина ч1ог1а ерг ю.
3-Сивак цергин лакхара лаха охьа ца хьокху доьла лаза ца дайта. Амма цергийн цхьан аг1онера вукха аг1оне хьокху. Маттан а сивак хьакхар суннат ду. Маттан сивак маттан лакхара лаха охьа хьокхура ю.
4-Суннат ду сивак хьакха волалуш баган аьтто аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца бен ца хьакхар. Цулт1ехь баган аьро аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца хьакхар. Цергашна т1е сивак хьокхуш к1еда хьакха еза, доьлаш лаза цадархьам.
5-Суннат ду сивак хьаькханачул т1ехь сивак хица йилар цунна т1ера боьхал я хьожа я кхиерг д1аяккхархьам.
6-Суннат ду бера жималехь дуьйна сивакан марзадар.
7-Сивак хьокхуш суннат кхочуш деш ву ша аьлла нийят хила деза, т1аккха цунна сивак хьакхаран Делера йоккха ял хьулу.
СИВАКАН ПАЙДАНАШ
Сивакан дуккха пайданаш бу, царех бу:
Бага ц1аняр, сивак хьокхучун Дела реза хилар, цергаш к1ай яр, багара хьож дика хилар, доьла ч1аг1 дар, къеж валар т1ехьо хилар, букъ нис балар, кхетам та балар, доьла шел ца далар, г1иллакх та далар, х1ума дагахь сацар ч1аг1 далар, ял сов хилар, са атта далар, шах1адат дага диийтар55.
ПХИОЛАГ1А ДАКЪА: АДАМИ СУННАТАШ
Адами суннаташ – уьш ларт1ахь долчу адмаца хила деза х1уманаш ду. Уьш Ислам – динан г1иллакхаш ду.
1-БАГА ХИ КХАРЗАР
Ламаз оьцуш бага хи кхарзар.
2-МЕРЧУ ХИ КХАРЗАР
Ламаз оьцуш мерчу хи кхарзар
3-СИВАК
Сивак лелор тайпа-тайпанчу хьелашкахь56.
4-СТАГА МЕКХ ДАЦ ДАР
Мекх дац дар Ислам динан а, Пайхамари а (Алла́х1ера салават-салам хуьлда цунна) суннат ду. Мекх дац даран куца шиъ ду:
1-Мекх до́лу лакхарчу балда т1ера ч1ор гучу даллалц мекх дац дар, ч1оьра т1екхаччалца лах цадеш. Я д1аацадошуш.
2-Лакхара ц1е балдах т1ех долуш дерг д1адаккхар ц1е балда гучу даллалц, цулла т1ех ца долийтуш.
Суннат ду мекх дац да д1аволавалар аьтто аг1ора. Суннат ду 40 де ца далийтар мекх дац цадеш. Мекх ша дац да мегаш ду я кхечуьнга дац дайта мегаш ду.
5-СТАГА МАЖ ЯХ ЯЛИЙТАР
Йоккха еха маж хилар суннат ду. Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Маж охь хеца>>.
Кхечу шен хьадийсехь цо аьлла: <<Маж гул е>>.
Мажан яхали дикох болу барам: ч1енги т1ера буй бича буйно д1алоцург бу, цулт1ех яьлларг д1ахадор дика ду йитича а х1умма дац. Буйни барамел лахара маж лелаяр дика дац, амма къа дац. Маж яц ян мегаш ду, генара хьаьжича юьхь т1ехь маж ю аьлла гуш йолучу барамел. Амма маж д1аяшар хьарам ду, къилахь ду. Маж яхка хьокхуш лелаяр суннат ду.
Коьрта месаш шар яр, царна даьтта хьакхар57, пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шен меш йолучу, церан сий дойла>>.
Меш коьрта юккъула сиз боккхуш шина аг1ора58 д1асахьакхар пайхамари, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, суннат ду. Корта д1абаша мегаш ду. Коьртан меш т1ера а, маж юкъара а к1ежбелла чо д1абаккхар дика дац, ша ма бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца59 а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.
Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор60 хьарам ду.
6-М1АРАШ ХЕДАЯР
Куьйга а, кога а м1араш хедаяр суннат ду стагна а, зудчунна а. Суннат ду м1араш д1айохуш аьтто куьйга т1ера волавалар, цулт1ехь аьро куьйга т1ера вола валар, цулт1ехь аьтто коган т1ера, цулт1ехь аьро коган т1ера.
М1араш д1ахедоран хан м1араш ях яларца йоьзна ю, ях елча д1ахедора ю. Имам Шафи1ис а, Дала къинхетам бойла цунах, кхи болу 1елам наха а, Дала къинхетам бойла царех, дика лаьрра х1ора п1ераскан дийнахь м1араш д1ахедор, т1ема къелара чоьш д1адахар, бехке меттиг ц1ан яр чоьш д1адашарца. М1араш д1ахедича куьйга т1ера м1арех хи хьакхар дика ду, ц1аналла кхочуш хилар ду.
Суннат ду м1араш цахедош 40 де ца далийтар.
7-ХУТТУРГАШ ЙИЛАР
– Куьйга а, кога а п1елгин хуттургаш йилар суннат ду. Х1унда аьлча, царна юккъахь боьхала гулло.
– Лергин чухула хьоьвзина меттигаш йилар а, лерг чуьра ц1андар а суннат ду.
– Мара чуьра ц1анбар суннат ду.
– Дег1 хьацарах, ченах, кхи йолучу х1умах ц1ан дар суннат ду.
8-Т1ЕМА К1ЕЛЕНАШ Ц1АНЯР
Т1ема к1еленаш ц1аняр бохург, т1ема к1елара чоьш д1адахар ду. Суннат ду т1ема к1елара чоьш куьйгаца ийзадеш д1адахар, х1ора чо цхьацца схьаозабеш. Д1адаша а мегаш ду. Суннат ду хьалхара аьтто т1ема к1еле ц1аняр, цулт1ехь аьронаг. Т1ема к1еле ц1ан ца еш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.
9- МЕРА ЧУЬРА ЧОЬШ Д1АДАХАР
Мера чуьра дах делла чоьш ийзадеш д1адаха мегаш ду. Я д1адаша мегаш ду, ийзадеш схьаацадохуш.
10-БЕХКЕ МЕТТИГ Ц1АНЪЯР
Стагна а, зудчунна а суннат ду хьалхарчу бехке меттиган гонахьара чоьш д1адашар. Дац да а, схьаийза да а, крем хьаькхина д1адаха а мегар ду, амма стагна суннат дерг61 чоьш д1адашар ду, зудчунна суннат дерг62 чоьш ийзадеш хьадахар ду. Зудчо д1адаша а, дац да мегар ду.
Шен бехке меттиг х1ораммо ша ц1ан ян еза, кхечуьнга ц1аняйтар хьарам ду. Делахь а, зудчо шен х1усам ден бехке меттиг ц1ан я мегар ду, дикох дерг стаго ша ц1анъяр ду, шен х1усам ненига ц1ан ца йойтуш. Бехке меттера чоьш д1ацадохуш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.
10-ХИЦА Ц1АНО ЯР
Хьат1 г1уллакх63 а, доккха г1уллакх64 а дича хица ц1ано яр суннат ду. Хица ца еш, кхечу х1уманца я мегар ду. Цунах лаьцна лахахь хьахадина аса «Ламазан ц1ано яр декъехь», цигахь дойзура ду хьуна цунах дерг кхачам болуш Делан пурбанца.
11-СУННАТ ВАР65
К1ант суннат вар фарз ду. Йо1а суннат яр суннат ду, фарз дац. К1ант суннат вар хуьлу цуьнан хьалхарчу бехке меттера ч1ор хада дарца корта гучу баллалц. Йо1а суннат яр хуьлу цуьнан хьат1 ара долучу меттера лакхара жиммалца ч1ор хада дарца. К1ант суннат вар бахьана, иза 1овратан коьрта т1ера ч1ор д1ацадаьккхича, цунна бухахь хьатт1ан т1адамаш дисар ду, т1аккха уьш жим-жима охьа довлу, т1аккха ламаз карар долу цунна шен даьллий ца хууш, т1аккха ламаз карахь доцуш ламазаш до цо, т1аккха цунаха йоккха дакъазалла хуьлу цунна. Вуьшта а цу ч1оьран бухахь хьатт1и т1адамаш хилча цунах лазар хуьлу. Цундела фарз ду к1ант суннат вар.
Амма йо1а суннат яр бахьана, цуьнан шах1ват66 лахдархьам ду. Зудчуьн шах1ват ч1ог1а хуьлу, цундела иза хьарамчух ларъеш еш ю иза суннат. Йо1 суннат яр фарз дац, суннат ду67, иза суннат ца йича къа дац.
К1ант а, йо1 а ч1ог1а лерина хадо дезаш ду. Хьам-хьамма да мегар дац иза, лоьро я и болх бойзучо бен.
К1ант суннат вар фарз хуьлу иза кхиича68, х1унда аьлча, кхиича ламаз а, кхин долу динан фарзаш т1е дужу дера цунна. Т1къа суннат вина ца хилча ламаз карахь хира дац цуьнан, т1аккха ламаз карахь хила деза фарзанашна ц1ена хира вац иза, х1унда аьлча, хьатт1ан т1адамаш дуьсу дела цуьнан 1овратан ч1оьран бухахь.
К1ант а, йо1а а кхиале суннат дар суннат ду. Дезох дерг бера дуьненчу даьлла 7-чу я 14 я 21 дийнахь суннат дар ду, нагахь санна бера г1ийла дацахь. Г1ийла далахь т1аьхьо суннат дийра ду, онда даьлча.
12—iАТiАР ТОХАР
1ат1ар тохар бохург – хаза хьожа йолу х1ума хьакхар ду. Хаза хьожа йог1у х1ума хьакхар суннат69 ду. Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, IатIар тохар т1ехь ч1ог1а сутара хилла, иза дезаш хилла цунна. Шена совг1атна 1ат1ар делча схьаоьцуша хилла цо, цундела кара́х1ат70 ду шена совг1атан 1ат1ар делча иза схьацаэцар, Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шена 1ат1ар лучо иза юха ма тухийла>>.
1ат1ар х1ора дийнахь тухура дац, цхьан дийнахь тухуш, вукху дийнахь ца тухуш лелора ду. Х1ора дийнахь 1ат1ар тохар дика дац.
Суннат ду бусалба стагна кеч валар, куьзган чу хьажар. Суннат ду стагна а, зудчунна а куьзган чу хьаьжича алар: <<Я Алла́х1, Ахь сан куца дика дар тера, сан г1иллакх а дика де Ахь, сан юьхь ц1арна71 хьарам а е Ахь>>.
Амма зуда шен чохь кеч яла еза х1усамдена. Хийрачу божаршна кеч елла гучу яла хьарам ду зудчунна иза ара яьлча я хийра наха церан керта баьхкича. Хийрачу божаршна хьалха зуда фарз-духар доьхний бен гучу яла йиш яц. Зудчуьн фарз духар куьйган хьоркашна т1е кхаччалца ши куьг хьулдина долуш, юьхь бен гучу ца йоккхуш дег1 шуьйрачу бедарца къайла даьккхина хилар ду. Х1усамдена хьарам ду шен зуда фарз духар доьхна йоцуш, кеч елла йолуш хийрачу божаршна гучу ялийтар.