Читать онлайн Даймехкан мукъамаш. Стихи на Чеченском языке бесплатно
© Зарина Денилбековна Шаухалова, 2024
ISBN 978-5-0062-3455-0
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Гуьйранна марха а йуссу-кха лаьтта,
Маьлхан ницкъ цакхаьчча дакъада латта
Цу 1анан чиллане г1орацадайта
Тассийта лайн -чимийн к1айн бамбийн йуьрг1а.
1аламо шен декхарш кхочушдо говза.
1амадо цо адам къинхетам бовза.
***
Ирсе ву-кх дахарехь безамо хьестинарг,
Ша Дуненан да тарвеш цо 1ехийнарг.
Декъаза да ву-кха безам цабевзинарг,
Йа марзонан чам кхаьттачохь цо 1овжийнарг)
- ***
- Ларйийр йу хьан челакха амал сайн безаман архаш
- Цамалйеш, оьшучохь баккхийта собарца лам.
- Кхолламан новкъахь тухур ду тешаман ленаш,
- Чолхечу дахарехь гуш дерг ду моттийта г1ан.
- Сайн ирсан б1аьрхишца йашор йу Дагт1ера мекха,
- Къагор ду кхоьлина лаьттина хьан б1аьргийн нур,.
- Хьан хьежар хилийта дашочу малхал а довха,
- Безаман ц1е йайна Дагчохь кхин цагайта к1ур.
- ***
- Туьтм1аьжиг д1айаккхий йоьхь гучайоккхуш,
- Аллах1ана гушйериг нахала йоккхуш,
- Хьаг1- гамо д1айоккхуш Дог парг1ат даккха,
- Вайн Делан- 1едал ду, ша кхочуш герга.
- Безаман тешаман не1арш д1айеллий,
- Цабезам д1ататтий Дагчуьра лаллий.
- Вас, хилларг хьайна, Дагчуьра йаккхий,
- Айхьа вас йинариг къинт1ера ваккхий.
- Вайн Делан къинхетам хьайн Дагах кхетта,
- Цуьнан нуьрах кхоьллина Са парг1ат даьлла,
- Декъала хир ву хьо цу дарже кхаьчча,
- Маршонан чам бевзаш, и Дагах кхаьтча.
- ***
- Дахар ду Нохчийчохь кхехкаш,
- Ирсана туьйсуьйтуш к1еж.
- Делахь а Дуьне ду техкош,
- К1изаллин х1иттадеш теш.
- Дуьненан Дог хилла лаьтташ,
- Сан Нана-Нохчийчоь йу.
- Дог санна и ларйан йезаш,
- Хиларна вай тешаш ду.
- Вайн махкахь низам ду латтош,
- Кху махкахь хиларна Да.
- И лардеш само вай цайахь,
- Дуьненна хир бац пайда.
- Дагна цхьа цатам баьлча,
- Деригге дег1 лазадо.
- Ткъа д1ег1ан п1елг лазабаьлча,
- Дагана хаамаш бо.
- Само йеш Даго цахилча,
- Лазаран терго а йеш.
- Йожарна кхиэрам бу меже,
- Дег1ана иэшамаш беш.
- Цундела лардо вай Дуьне,
- Цуьнан лазам цатуьттуш д1а.
- Дог дийна хилар а гойтуш,
- Хиларна Нохчийчохь Да!
- ***
- Дашо малх схьакхетий шен з1анарш йаржош,
- Х1ора тхин-т1адамчу шен б1аьрг а буьллуш.
- Тхи молий дакъадой цо бецаш латтанаш,
- Чан йолий лаьттара аьхкенан урамаш.
- Ткъа тахана малх г1атта хьебелла бог1у,
- Беца-тхин т1адмашчохь цуьнан б1аьрг ца богу,
- Дохк хуьлий стиглара марха чуйог1у.
- Бакъонаш шен гойтуш гуьйре т1ейог1у.
- ****
- Кху лаьттан кийрахь, ц1иэ деши кхоллал,
- Ницкъ болуш хилча, хьайн ойланаш.
- Ахь х1унда лоьху-те, Я ибну Адам,
- Адамийн дегнашкахь, вуо аматаш?
- Ахь ойла г1елйина, малбича тидам,
- Диканиг, вониг а, амал йовш йу.
- Б1аьстено дендо-кха, Дуьненан 1алам,
- Дикалла денйеш ерг, адмалла йу.
- Ахь адамийн Дегнашкахь, диканиг леха,
- Ницкъ алсам баьлла, и кхуьур ду.
- Ткъа вониг, д1ататтий, хьайн тидамах даккха,
- Шен г1ора, кхачийна, и д1адовр ду.
- ***
- Лайн г1урах когаш а 1уьйра,
- Реза ву некъ бан хьо йолча.
- Бохуш ахь дийцина туьйра,
- Дехаш ду со хиттош холча.
- Дагара даьлла дац иза,
- Вайшинан некъаш къастарах.
- Сатийсам хилла-кха мерза,
- Безамо Дог цахьаьстарах.
- Къастаран къахьонца безам,
- Д1атийна тешам цалехьош.
- Делахь а мерза сатийсам,
- Бехаш бу туьйрано 1ехош.
- ***
- Къонах! И мила ву хаий-те шуна?
- Возаллех дерг цуьнан девзий-те шуна?
- Хаий-те Аллах1а гергара вуйла?
- Пайхамарийн, авлияийн, мог1арехь вуйла?
- И хаттарш лелла ду, халкъана йукъехь,
- Амма жоп хууш верг, ваьлла вац йукъехь.
- Тахана къонахчун, дарж довзуьйтуш,
- Дуьйцур ду, авлияин, некъ бовзуьйтуш.
- Кху маьлхан Дуьненна, букъ берзийна,
- Аллах1а дуьхьа и д1атессина.
- Эхартан мукъ, шайн буйна лаьцна,
- И латтош авлияаш, даим баьхна.
- Цхьан буйна лаьцна, Дуьненан мукъ,
- Вукха буйна лаьцна, Эхартан мукъ.
- И ший а латтош верг, къонаха ву,
- Цундела, даржехь и лакхара ву.
- ***
- Ас хьайга кховдийна тешам,
- Даггара доьху т1елаца.
- Сан Дагна кхин ца беш иэшам,
- Хьуо реза хир велахь ваца.
- Ойланехь дукха хьестарна,
- Дагна хьо гергара хета.
- Цундела цахета эрна,
- Дог дастар сайн хьоьха летта.
- Хьо цхьаъ ву кхардам а боцуш,
- Сан Дагах даиман кхуьург.
- Сайн Деган къайле ас йостуш,
- Муьлха а бала сайн буьйцург.
- ***
- Куралла йайна йу хьекъалца йацахь,
- Хьекъал д1адаьллачохь и йужур йу.
- Цу шинне барт тайта хьоьхь 1илма дацахь,
- Хьоьца цу шиннех цхьаъ йуьссур йу.
- Хьекъал д1адаьлла куралла йиссахь,
- Сонталло хьарчийна и иэшор йу.
- Куралла д1а йаьлла хьекъал шаа диссахь,
- Лакхене цакхийдаш и дужур ду.
- Нагахь хьан йацахь, адамийн амал,
- Пайденна хьоьгара 1ильма хир дац,
- Кураллех йуьссур йу цхьа сонта амал,
- Хьекъало лакхене хьо кхачор вац.